Официальный сайт

СЕМИНАР «Х1ИНЦАЛЕРАЧУ УРОКАН КОЬРТА БАШХАЛЛАШ»

27.02.2023

Хьалха-Мартан к1оштан Олхазар-к1отарара №1 йолчу школехь д1айаьира нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна методикин семинар «Х1инцалерачу урокан коьрта башхаллаш».

Коьрта 1алашо: кхузаманан урокан д1ах1оттам бийцаре барца керлачу лехамийн новкъахь хьехархойн зеделларг довзийтар.

Семинаран программа:

1.Доклад «Х1инцалерачу урокан коьрта башхаллаш»;

2. Йиллина урокаш: «Хандош» (4 кл.), «Билгалдош» (3 кл.), «М.Бексултановн произведенийн лорах» (11 кл.);

3. Мастер-класс «Ш.Арсанукаев «Баьпкан йуьхк2 (5 кл.);

4. Йаздархочуьнца Адамов Мозин Мусаца цхьаьнакхетар «2023 шо - нохчийн меттан шо».

Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран отделан пресс-служба