Официальный сайт

РЕГИОНАЛЬНИ ЭТНОГРАФИН ДИКТАНТ «НЕНАН МОТТ - КЪОМАН ХАЗНА»

22.02.2023

Хууш ма хиллара, 2023 шо - Нохчийн меттан шо аьлла, д1акхайкхина ду Нохчийн Республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Цу т1е доьг1на республикехь д1ахьош дуккха а белхаш бу. Чиллин беттан 21-чу дийнахь, д1айахьа лерина дешаран хьукматашкахь региональни этнографин диктант «Ненан мотт-къоман хазна».

Нохчийн матте болу безам ч1аг1бан, цуьнан вайн дахарехь лелар совдаккха, республикин бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдаха йолчу 1алашонца д1ахьош йу иза.

Шайн хаарш гайтарехь диктантехь дакъалаца йиш йу хьехархойн а, дешархойн а, дайн-нанойн а.

Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран отделан пресс-служба