Официальный сайт

1ИЛМАНАН-ПРАКТИКИН КОНФЕРЕНЦИ «ВАЙН МОТТ – ВАЙН ИСТОРИ»

18.02.2023

Хьалха-Марта г1алин №5 йолу гимназехь д1айаьхьира 1илманан-практикин конференци «Вайн мотт – вайн истори». Мероприяти лерина йара 2023 шо - Нохчийн меттан шо а, иштта чиллин беттан ткъе хьалхара де - Дуьненайукъара ненан меттан де а хиларна.

Цхьаьнакхетаре баьхкина бара беза хьеший: Нохчийн меттан институтан директор, профессор Овхадов Муса, Нохчийн Республикин йаздархойн Сойузан председатель Ельсаев Аламад, Хьалха-Мартан к1оштан дешаран отделан куьйгалхочун меттаверг Едаев 1ийса, иштта кхиберш а.

Конференцин программехь дийцаре диллинарг:

доклад «Вайн мотт – вайн истори»;

доклад «Йуьхьанцарчу классашкахь ненан матте безам кхиор»;

доклад «Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь дешархойн меттан хазна шорйар»;

доклад «Нохчийн меттан йоза кхиоран истори».

Овхадов Мусас а, Ельсаев Аламада а билгалдаьккхира, иштта конференциш ч1ог1а мехала хилар мотт бовзарехь а, и 1аморехь а.

Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран отделан пресс-служба