ХЬАЛХА-МАРТАН К1ОШТАН ИШКОЛШКАХЬ Д1АКХАЙКХИНА СОЧИНЕНИЙН КЪОВСАМ «НЕНАН МОТТ – САН ДОЗАЛЛА!»
09.02.2023Хьалха-Мартан муниципальни к1оштахь Нохчийн меттан шарана лерина 5-11-чуй классийн дешархошна йукъахь д1акхайкхина сочиненийн къовсам «Ненан мотт – сан дозалла!».
Къовсаман коьрта 1алашонаш: дешархой нохчийн меттан шо даздарна йукъабалор, ненан матте болу безам, лерам кхиор а, дешархойн кхоллараллин аг1орхьа кхиар жигара доккхуш, нохчийн меттан лерина кхоллараллин белхаш вовшахтохар а.
Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран отделан пресс-служба